Государственное бюджетное профессиональное образовательное учреждение "Грозненский государственный колледж информационных технологий"

«Нохчийн меттан шо»

25.03.2023

Бекарг беттан 25-чу дийнахь Соьлжа-Г1алин пачхьалкхан информационни технологийн колледжехь д1адаьхьира Вайн Мехк-Дас, Россин Турпалхочо Кадыров Ахьмад-Хьаьжин Рамзана шен омрица 2023-г1а шо «Нохчийн меттан шо» билгалдаккхарна лерина «Нохчийн къоман г1иллакх-оьздангаллин васт» ц1е йолу цхьаьнакхетар. 

Вовшахкхетаран ловзар д1адаьхьира хьалхарчу курсашкахь болчу студентийн декъашхоша.1алашо йара, нохчийн мотт шен ч1ог1а шира лар йолуш хилар а, муьлхха а шен ойла ненан маттехула г1иллакх-оьздангалла гайтар билгалдаккхарца а доьзна.Студенташа,оьздачу ненан матте болу бовха безам гойтуш, шайна и мел хьоме хилар а хоуьйтуш, низам лардеш, д1адаьхьира цхаьнакхетаран ловзар.